Оханан беттан иссалгIачу дийнахь, дукха хенахь дуьйна цамгаро лаьцна хилла волу Ахаев Iимранан воккхаха хилла волун ваша Ахаев Iалман дIакхелхина.

Оханан беттан иссалгIачу дийнахь, дукха хенахь дуьйна цамгаро лаьцна хилла волу Ахаев Iимранан воккхаха хилла волун ваша Ахаев Iалман дIакхелхина.
Иза вара Ахаев Iимранан ша цхьаъ дийна висина пхеа вешех цхьа ваша.
АхаевгIеран вежарий Нохчийчохь бевзаш бу дуьххьарчу дийнахь дуьйна, цхьа а къамел а доцуш, вайн инарла Дудаев Джохаранa гIо-накъосталла лаьцна, вайн йозуш йоцу пачхьалкхан меттахIоттаяран Iалашонна тIехь.
Цара жигара дакъа лаьцна нохчийн пачхьалкхалла меттахIоттаяран тIехь, цуьнан чуьрачу а, арахьарачу а мостагIех ларъярехь.
Оцу вежарех цхьаъ, Ахаев Iайнди, Невра кIоштан префект вара Дудаев Джохар Президент волчу хенахь, оцу даржехь ша волуш, кхиамца дуьхьалло еш вара российн вайн мохк дIалацархошна дуьхьал а, вайн чуьрчу бохкабеллачу ямартачу нахана дуьхьал а хиллачу къийсамехь.
Важа болун вежарий а бара, шайн ницкъ ма кхоччу, вайн нохчийн къоман йозуш йоцчу пачхьалкхан маршо ларъяран тIехь дакъа лоцуш.
АллахIа геч дойла цунна! Дала декъал войла иза! Дала ийманаца собар лойла цуьнан гергарчарна.

Европерачу Нохчийн Ассамблей

Добавить комментарий

Заполните поля или щелкните по значку, чтобы оставить свой комментарий:

Логотип WordPress.com

Для комментария используется ваша учётная запись WordPress.com. Выход /  Изменить )

Фотография Facebook

Для комментария используется ваша учётная запись Facebook. Выход /  Изменить )

Connecting to %s